Leviticus 25:35-38
Къийбеллачарах а, лех а
35 aНагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта. 36Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. 37 bЯл яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. 38КанаӀан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.
Copyright information for
CheCAC2012