‏ Leviticus 26

Дала бохург дарна декъалдар

(Карлабаьккхинарг 7:12-24; 28:1-14)

1 a«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву. 2Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.

3 bНагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, 4Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. 5Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.

6Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац. 7Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш. 8Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий. 9Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву. 10Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша. 11Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со. 12 cШуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. 13Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».

Дала бохург цадарна таӀзар дар

(Карлабаьккхинарг 28:15-68)

14 d«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хӀара весеташ аш кхочуш ца дахь, 15нагахь Сан парзаш дӀа а теттина, Ас тӀедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, 16Ас шуна таӀзар дийр ду. Кхерам а, хӀоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тӀе. Цара шун бӀаьрса а гӀелдийр ду, синош а бӀарздийр ду. Аш ялта дӀадер эрна хир ду, шун мостагӀаша иза дуур долу дела. 17Ас Сайн оьгӀазло шуна дуьхьал яссор ю, тӀаккха шу мостагӀаша эшор ду. Шуна тӀехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тӀаьхьаваьлла цхьа вацахь а.

18Оцу массо а гӀуллакхел тӀаьхьа аш Соьга ла ца догӀахь, шун къиношна Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна. 19Шун чӀагӀъелла куралла йохор ю Ас, стигало догӀанан тӀадам а лур бац шуна, латта, тӀулг санна, чӀагӀлур ду шун. 20Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац.

21Цул тӀаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугӀуш ца хилахь, Айса ден долу таӀзар ворхӀазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. 22Шуна тӀе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хӀаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду.

23Цул тӀаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь, 24Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аш къинош леторна. 25Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гӀаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тӀе ун хоьцур ду, тӀаккха мостагӀийн карагӀур ду шу. 26Дисина напха дӀадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду.

27Нагахь цул тӀаьхьа а, Соьга ла а ца дугӀуш, шу Суна дуьхьалдовлахь, 28Ас, оьгӀазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аша къинош леторна. 29Шайн кӀентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. 30ЦӀушна сагӀа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хӀиттийна бӀогӀамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цӀушна тӀе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. 31Шун гӀаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цӀушна Ӏибадат деш долу цӀенош а дассор ду, аш деанчу сагӀанех хьожа а йоккхур яц. 32Шун латта дассор ду Ас, цу тӀехь баха охьахевшина шун мостагӀий цецбовллал чӀогӀа. 33Шу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду Ас, шуна тӀаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гӀаланаш а йохийна Ӏохкуш хир ю. 34ТӀаккха ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаӀаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагӀийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоӀур ду. 35ДӀатесна Ӏуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоӀур ду, шу цунна тӀехь Ӏаш долуш, шена садаӀа дӀа ца еллачу ханна.

36Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагӀийн мехкашкахь Ӏачу хенахь. Дегочу гӀанан гӀовгӀанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тӀаьхьа ца ваьллашшехь. 37Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тӀаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагӀашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. 38Кхечу къаьмнашна юкъахь Ӏаш а долуш, дӀакхелхар ду шу, шайн мостагӀийн лаьтто дӀа а кхаьллина. 39Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагӀийн мехкашкахь маргӀалбулур бу.

40ТӀаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, 41Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагӀийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гӀуда текхча а, 42 eСуна дагабогӀур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахӀимца а бина барт а, дагадогӀур ду латта а. 43Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоӀучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тӀедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тӀе ца эцарна. 44Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагӀийн лаьтта тӀехь Ӏачу хенахь а, Со царах дӀавоьрзур вац, уьш хӀаллакбархьама дӀа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву. 45Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву».

46ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тӀедехкинарш а, хьехамаш а.
Copyright information for CheCAC2012