‏ Leviticus 26:3-5

3 aНагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, 4Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. 5Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.
Copyright information for CheCAC2012