‏ Leviticus 27

Везачу Элана лерина долчух лаьцна

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь, 3бала беза мах ткъа шарна тӀера кхузткъа шарна тӀекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина. 4Нагахь иза зуда елахь, ахь хӀоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу. 5Пхеа шарна тӀера ткъа шарна тӀекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу. 6Цхьана батта тӀера пхеа шарна тӀекхаччалц волчу кӀентан мах пхи шекхал дети, йоӀан мах кхо шекхал дети хир бу. 7Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.

8Нагахь стаг къен а хилла, ахь хӀоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тӀевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.

9Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагӀа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дӀакъастийна а хир ду. 10Кхечу хӀуманца иза хийца мегар дац. СагӀина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дӀакъастийна а хир ду. 11Нагахь далийна бежана Далла хьалха цӀена а доцуш, Везачу Элана сагӀина ден мегаш дацахь, даладе иза динан дена тӀе. 12Динан дас, бежана дика я вон ду а хьаьжна, цуьнан мах хадор бу. Цо хадийна мах бита беза. 13Нагахь цхьаъ иза юхаэца гӀерташ велахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетохийта цуьнга.

14Нагахь цхьаъ шен цӀа Везачу Элана лерина хилийта лууш велахь, динан дас, иза дика ду я ледара ду аьлла, мах хадо беза. Динан дас хадийнарг хир бу цӀийнан мах. 15Нагахь цу стагана шен цӀа юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха цӀа цуьнан хир ду.

16Нагахь цхьаммо шен лаьттан цхьа дакъа Везачу Элана лерина хилийтахь, дӀаден тарлучу ялте хьаьжжина хила беза цу декъан мах: шена тӀехь пхи гали мукх дӀабен тарлучу лаьттан мах шовзткъе итт шекхал дети хир бу. 17МеттахӀотторан шарахь цхьаммо шен латта Везачу Элана лерина хилийтахь, цуьнан мах ахь хӀоттийнарг хир бу. 18Нагахь меттахӀотторан шо чекхдаьлча, шен латта цхьаммо Везачу Элана лерина хилийтахь, тӀедогӀучу меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш дагар а дина, церан бараме хьаьжжина, лахара мах хӀотто беза динан дас. 19Ша дӀаделла кха стагана юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха латта цунна дуьсур ду. 20Нагахь цо дӀа а ца эцна, кхечу стага и кха эцахь, иза юхаэца йиш хир яц. 21МеттахӀотторан шарахь и кха дӀахецча, иза Далла дӀакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза.

22Цхьаммо ша эцна латта Везачу Элана лерина дӀаделлехь, ткъа иза цуьнан доьзалан латтанийн дакъа дацахь, 23динан дас, МеттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш а дагардина, цу лаьттан мах хадо беза. Оццу дийнахь лаьттан мах дӀабала безаш бу цу стага – и ахча Везачу Элана дӀакъастийна хир ду. 24МеттахӀотторан шарахь хьалха хиллачу хӀусамден – латта доьхкинчу стеган – дола юхадоьрзу и латта.

25Езачу Меттигехь лелаш долчу шекхале хьаьжжина берриг а мехаш хила беза. Цхьана шекхал чохь ткъа гер
Гер – цхьа гер 0,6 грамм озаран барам бу.
хила еза.

26Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хӀунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагӀ белахь а, бож елахь а – Везачу Элан ду иза. 27Даьхни хьарам делахь, ахь хӀоттийначу мехаца юхаэца тарло иза, механ пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. Нагахь юха ца эцахь, ахь хӀоттийначу мехах дӀадохка мегар ду иза.

28 bШен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дӀа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дӀакъастийна дац. 29Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац – уьш дайа дезаш ду.

30 cЛаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. 31УьтталгӀа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза. 32Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан долахь ду. Ӏуьнан коьжалгана кӀел лелачу даьхних хӀора уьтталгӀаниг Везачу Элана дӀакъастийна хила деза. 33Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дӀакъастийна хир ду, тӀаккха иза юхаэца йиш яц“».

34ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула исраилхошна тӀедехкина весеташ.
Copyright information for CheCAC2012