‏ Leviticus 3

Бертан сагӀанаш

1«Нагахь цхьаммо, бертан сагӀа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. 2Шен куьг бежанан коьрта тӀе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагӀа доккхучо. Динан дай болчу АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цӀий тоха деза. 3Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, 4ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5АхӀаронан кӀенташа цӀерана тӀе техкинчу дечигашна тӀехь долчу дийнаташ дагоран сагӀанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тӀехь. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.

6Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагӀа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. 7Нагахь сагӀина балийнарг уьстагӀ белахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто беза. 8Дийнатан коьрта тӀе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цуьнан цӀий тоха деза. 9Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: мохь а, букъан даьӀахка тӀекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тӀера а мохь, 10ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 11Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду.

12Нагахь стага сагӀина ялийнарг газа елахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто еза. 13Цунна тӀе шен куьг а диллина, гуламан четарна хьалха дийнатна урс хьакха деза цу стага. АхӀаронан кӀенташа газанан цӀий сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе тоха деза. 14Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, 15ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 16Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и.

Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза.
17Иза гуттаренна а шун тӀаьхьенашна тӀедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цӀий а ма даалаш».
Copyright information for CheCAC2012