Leviticus 4
Ларамаза латийначу къинна доху сагӀанаш
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тӀедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хӀара ду: 3‘Нагахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгӀа ялае Везачу Элана сагӀина лерина. 4Гуламан четаран неӀарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хӀотто еза и старгӀа. Динан дас, старгӀин коьрта тӀе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. 5Юха Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цӀий гуламан четар чу дахьа деза. 6Шен пӀелг цӀий чу а Ӏоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхӀазза цӀий пӀелга тӀера дӀатоха деза цо. 7Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчан маӀех цӀий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цӀий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тӀехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 8– 9– 10Къинах долчу сагӀина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагӀанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тӀехь яго еза уьш динан дас. 11Стеран неӀ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а 12меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте а яьхьна, чим дӀакхуссучохь, дечиган цӀера тӀехь яго еза. Чим дӀакхуссучохь яго еза уьш. 13Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. 14Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тӀера къинан сагӀина къона старгӀа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дӀахӀотто еза иза. 15Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тӀе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха. 16Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цӀий гуламан четарна чу дахьа деза. 17Шен пӀелг стеран цӀий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхӀазза цинцаш дӀатоха деза динан дас. 18Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчан маӀех цӀий хьакха деза цо, ткъа дисна цӀий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тӀехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тӀе охьадотта деза. 19Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тӀехь яго еза. 20Къинах долчу сагӀина йийначу старгӀица диннарг дан деза кху старгӀица а. Иштта динан дас царна тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала царна гечдийр ду. 21СтаргӀа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагӀа ду. 22Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тӀедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 23Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. 24Божан коьрта тӀе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагӀина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагӀа ду. 25Динан дас шен пӀелгаца схьаэцна долу бежанан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 26Ерриг а мохь кхерча тӀехь яго еза, бертан сагӀа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду. 27 aНагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 28Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. 29Газанан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь. 30Динан дас шен пӀелгаца, схьа а эцна, цуьнан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 31Бертан сагӀа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тӀехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду. 32Нагахь оцу къа латийначу стага къинах долчу сагӀина Ӏахар балабахь, иза цхьа а айп доцуш болу стениг хила беза. 33Цуьнан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь. 34Динан дас шен пӀелгаца схьаэцна цу Ӏахаран цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисна цӀий кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 35Ӏахаран ерриг а мохь схьакъасто еза, бертан сагӀа доккхуш бийначу Ӏахаран санна. Динан дас кхерча тӀехь, кхидолчу дохучу сагӀанашца цхьаьна, яго еза иза Везачу Элана сагӀина лерина. Иштта динан дас оцу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду’“».
Copyright information for
CheCAC2012