Leviticus 4:27-31
27 aНагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 28Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. 29Газанан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь. 30Динан дас шен пӀелгаца, схьа а эцна, цуьнан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 31Бертан сагӀа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тӀехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду.
Copyright information for
CheCAC2012