Leviticus 5
ХӀун къинош латийча даккха деза сагӀа?
1«Нагахь стаг, цхьа хӀума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чӀагӀо е аьлча, цо иза ца яхь, тӀаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза. 2Стаг хьарам йолчу хӀуманах дӀахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дӀахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. 3Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цӀена доцучу хӀуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тӀаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву. 4Ойла а ца еш, цхьа хӀума дийр ду аьлла, чӀагӀо ян там бу стага. И хӀума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чӀагӀо яхь, амма цунна иза юха дагайоггӀушехь цуьнан бехк хир бу. 5Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна. 6Ша латийначу къинна, гӀуда санна, цо Везачу Элана лерина сагӀа даккха деза, уьстагӀ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду. 7Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна. 8И ши кхокха динан дега дӀабала беза. Цо къинан сагӀина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац. 9Оцу кхокханан цӀий цо сагӀа доккхучу кхерчан агӀонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагӀа хир ду. 10ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду. 11Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду. 12Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тӀехь дагор ду кхачанан сагӀа санна. 13Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагӀа даьккхича дисина дама динан дена догӀуш ду, кӀен сагӀа а хилла».ГӀуда такхаран сагӀанаш
14Везачу Эло Мусага элира: 15«Нагахь санна стага, Везачу Элана догӀуш дерг дӀа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тӀера. Коьман мах дато шекхал ахча хӀотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гӀуда такхаран сагӀина лерина. 16Цо ша хӀинццалц ца делларг дӀадала деза. ДӀадала дезачунна тӀе пхоьалгӀа дакъа а тоьхна, иза динан дега дӀадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду. Цо гӀуда такхаран сагӀа а лерина, ка схьаоьцур бу, тӀаккха Дала а цу стагана гечдийр ду. 17Нагахь санна стага Везачу Эло тӀедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. 18Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна. Везачу Элана дуьхьал даьллачу хӀуманна а стаг бехке ву, цундела цо гӀуда такхаран сагӀа даккха деза».19
Copyright information for
CheCAC2012