Leviticus 6
1 aВезачу Эло Мусага элира: 2«Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. 3Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош. 4Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг, 5я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза. 6Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо. 7Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».Дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедиллинарг
8Везачу Эло Мусага элира: 9«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедуьллург ду хӀара. Кхерча тӀехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цӀера тӀехь дита деза, кхерчан цӀе а, ца йовш, яга езаш ю. 10Динан дас чухула а, тӀехула а дуткъачу кӀадих йина бедарш юха еза. Кхерча тӀера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо. 11Цул тӀаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте, чим дӀабахьа беза цо. 12Кхерча тӀера цӀе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХӀора Ӏуьйранна динан дас кхерча тӀе дечиг тилла деза, цу тӀе дийнаташ дагоран сагӀа а дилла деза, иштта бертан сагӀанах йолу мохь цу тӀехь яго а еза. 13ЦӀе кхерча тӀехь гуттар а яга езаш ю, дӀа а ца йовш».КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг
14«КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг ду хӀара: динан дайша, АхӀаронан кӀенташа, сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. 15КӀен сагӀанах цхьа кана тоьлла кӀен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тӀехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. 16КӀен сагӀанах диснарг АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а дӀадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагӀа. 17Морза а тухуш, датта ца деза кӀен сагӀин бепиг. Ас Сайн сагӀанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а тера долу чӀогӀа деза сагӀа ду иза. 18АхӀаронан тӀаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагӀа. Церан тӀаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагӀанах долу дакъа ду иза. Цунах дӀахьакхаделларг дерриг а деза хир ду». 19Везачу Эло Мусага элира: 20«АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа иштта хила деза: бархӀ кад тоьлла кӀен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кӀен сагӀина лерина, царах ах – Ӏуьйранна, важа ах – суьйранна. 21Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегӀи тӀехь кечдан деза. ТӀаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кӀен сагӀа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 22АхӀаронан кӀентех волчу, даьттанца къобалвинчу динан дас даккха деза и сагӀа. Иза Везачу Эло гуттаренна а тӀедуьллуш долу парз ду. КӀен сагӀа дерриг а даго дезаш ду. 23Динан дегара долу муьлхха а кӀен сагӀа даго деза, иза даа мегар дац».Къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
24Везачу Эло Мусага элира: 25«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагӀина далийначу дийнатна. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 26Къинах долу сагӀа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагӀа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза. 27Цу сагӀин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цӀий тӀе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цӀанъян еза уьш. 28Кхийрачу пхьегӀи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегӀа йохо еза. ЦӀестан пхьегӀи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегӀа цӀан а йина, йила еза. 29Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагӀа. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 30Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дӀадахархьама, къинах долчу сагӀин цӀий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагӀа даа мегар дац. Иза цӀера тӀехь даго деза».
Copyright information for
CheCAC2012