‏ Leviticus 6:14-18

КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг

14«КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг ду хӀара: динан дайша, АхӀаронан кӀенташа, сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. 15КӀен сагӀанах цхьа кана тоьлла кӀен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тӀехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. 16КӀен сагӀанах диснарг АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а дӀадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагӀа. 17Морза а тухуш, датта ца деза кӀен сагӀин бепиг. Ас Сайн сагӀанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а тера долу чӀогӀа деза сагӀа ду иза. 18АхӀаронан тӀаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагӀа. Церан тӀаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагӀанах долу дакъа ду иза. Цунах дӀахьакхаделларг дерриг а деза хир ду».
Copyright information for CheCAC2012