Leviticus 6:24-26
Къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
24Везачу Эло Мусага элира: 25«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагӀина далийначу дийнатна. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 26Къинах долу сагӀа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагӀа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза.
Copyright information for
CheCAC2012