Leviticus 7
ГӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
1«ХӀара ду гӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 2Дийнаташ дагоран сагӀина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гӀуда такхаран сагӀина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цӀий тоха деза сагӀа доккхучу кхерчана тӀе массо а агӀор. 3Дийнатан ерриг а мохь сагӀина яккха еза: дума а, чухулара мохь а, 4ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5Динан дас кхерча тӀехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гӀуда такхаран сагӀа ду. 6Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагӀа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧӀогӀа деза сагӀа ду иза. 7Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а лаьцна тӀедиллинарг цхьаъ ду: цу сагӀанца стага летийна къинош дӀадохуш волчу динан дена дӀалуш ду иза. 8Цхьаммо дийнаташ дагоран сагӀа даьккхича, дийнатан неӀ я цӀока и сагӀа даккхар дӀахьош волчу динан дена дуьсу. 9Я пешахь, я ялгӀу тӀехь, я кхийрачу пхьегӀи тӀехь мел деттина кӀен сагӀа иза дӀахьочу динан дена дуьсу. 10Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кӀен сагӀа АхӀаронан кӀенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а».Бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
11«Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг хӀара ду. 12Цхьаммо и сагӀа баркаллин сагӀа санна даккхахь, сагӀа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. 13Цул сов, морзанна тӀехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагӀа доккхуш. 14Ша деанчу хӀуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагӀин цӀий тухучу динан дена дуьсу иза. 15Баркаллина даьккхинчу бертан сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хӀумма а Ӏуьйренга далийта мегар дац. 16Нагахь цхьаммо сагӀа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгӀачу дийнахь а даа мегар ду. 17Ткъа сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийне далахь, иза цӀера тӀехь даго деза. 18Нагахь цхьаммо цу сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийнахь даахь, и сагӀа къобал хир дац. СагӀа даьккхинчунна цхьа а шапаӀат хир дац иза бахьанехь, хӀунда аьлча и сагӀа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо. 19Нагахь цу сагӀин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хӀуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цӀера тӀехь даго деза. Далла хьалха муьлххачу а цӀеначу стага бертан сагӀин жижиг даа мегар ду. 20Нагахь Далла хьалха цӀена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагӀин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза. 21Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цӀена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагӀин жижиг даа хӀоттахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза». 22Везачу Эло Мусага элира: 23«ДӀаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагӀан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа. 24Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гӀуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац. 25Везачу Элана леринчу сагӀина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву. 26 aМиччанхьа шаьш Ӏаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цӀий ма даалаш. 27Цхьаммо и цӀий даахь, иза шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву“». 28Везачу Эло Мусага элира: 29«ДӀаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагӀа доккхуш волчо цу сагӀин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза. 30Шен куьйгашца цӀера тӀехь доккху сагӀа схьадан деза цо. Шатайпа сагӀа санна ▼▼Шатайпа сагӀа – и сагӀа Везачу Элана хьалха дӀасадего дезаш дара, иза Цунна шатайпа совгӀат хиларан билгало йолуш санна.
, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тӀера жижиг. 31Мохь динан дас кхерча тӀехь ягор ю, ткъа некха тӀера жижиг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуьсур ду. 32Бертан сагӀанах долу дийнатан аьтту гӀогӀ совгӀатна динан дена дӀадала деза. 33АхӀаронан кӀентех бертан сагӀа, цӀий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дӀадала деза аьтту гӀогӀ. 34ХӀунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагӀанах шатайпа сагӀина луш долу некхан жижиг а, совгӀатна луш долу аьтту гӀогӀ а, схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дӀадала дезаш ду. 35Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех долу дакъош ду уьш, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а луш долу, Везачу Элана динан гӀуллакх дан уьш къобалбичхьана дуьйна. 36Везачу Эло тӀедиллинера, исраилхоша царна и дакъош лур ду аьлла, даьтта тӀе а доьттина, уьш къобалбинчу дийнахь дуьйна. Царна и дакъош далар исраилхошна гуттаренна а тӀедиллина ду“». 37Иштта бу дийнаташ дагоран а, кӀен а, къинах долу а, гӀуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагӀанех лаьцна болу хьехам. 38Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тӀехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагӀанаш даха аьллачу хенахь.
Copyright information for
CheCAC2012