‏ Luke 10

Ӏийсас кхузткъе шийтта мурд дӀахьажаво

1Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гӀаланашка а, ярташка а дӀахьовсийра Цо уьш. 2 aЦо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий. 3 bДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу. 4Шайца я бохча а, я тӀоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца. 5Шаьш чоьхьадевллачу цӀа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хӀокху хӀусамехь!“ 6Нагахь санна цу чохь Ӏаш волу хӀусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тӀе юхабоьрзур бу. 7 cОцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца. 8Шаьш гӀала а дахана, цигахь тӀеэцахь, шайна елларг яа, 9цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“ 10 dШаьш тӀе ца эцначу гӀалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала: 11 e„Шун гӀалахь тхан мачаш тӀе йиллина чан а шуна юха дӀаегайо оха. Амма хаалаш, кху гӀалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“ 12 fАс боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гӀалара нахана атта хир ду оцу гӀалара нахана чул».

Дохкойовлаза йисина гӀаланаш

(Маттай 11:20-24)

13 g«Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 14Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду. 15 hТкъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?
Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю».

16 iТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».

Кхузткъе шийтта мурд юхаверзар

17Ӏийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цӀарах оха омра дича».

18Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. 19 jАс шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац. 20Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».

Ӏийсан воккхавер

(Маттай 11:25-27; 13:16, 17)

21Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Ӏилма долчараххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!

22 kДерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КӀант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КӀантана бен а, Да гайта КӀанта хаьржинчу нахана бен а».

23Юха, мурдашка дӀа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хӀунда аьлча шайн бӀаьргашца хӀара дерриг а го шуна. 24Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хӀара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».

Къинхетам болу шамранхо

25 lЮха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»

26«Товрат тӀехь хӀун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»

27 mВукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».

28 n«Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Ӏийсас, – иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».

29Амма Ӏеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»

30Цунна жоп луш Ӏийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогӀуш. Новкъахь цунна тӀе талорхой летта. Некъахочунна тӀера хӀуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дӀабахана уьш. 31ТӀаьхьо цу новкъа схьавогӀуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Ӏуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агӀор а ваьлла, тӀехваьлла дӀавахана иза. 32Изза дина цхьана левихочо
Левихой – – уьш Исраилан халкъан цхьа тайпа ду. Царна бен пурба ца делла Делан цӀа долчохь динан гӀуллакхаш дан.
, цу стагана тӀе а вахана, цуьнга дӀа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дӀавахана иза.
33 pЮха лазийнарг Ӏуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна. 34Цо, тӀе а вахана, даьттанца а, чагӀарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дӀайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тӀе а хаийна, некъахоша садоӀучу цӀийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Ӏалаш а вина цо. 35ШолгӀачу дийнахь, ша дӀавоьдуш, хьешан цӀийнан хӀусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХӀокхуьнга хьажалахь, со юхавогӀуш, ас хьан хилла харж меттахӀоттор ю хьуна“.

36Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»

37Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх».

Ӏийсас тӀаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».

Марта а, Марем а йолчохь хьошалгӀахь

38 qШайн новкъахула богӀуш, цхьана юьрта кхечира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цӀе йолчу зудчо шен хӀусамехь тӀеийцира уьш. 39Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара. 40Ткъа Марта, дуккха а яа хӀума кечъян гӀерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТӀееана, Ӏийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хӀара болх берриг а суна тӀе а тесна, Ӏаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гӀо де алахьа цуьнга», – аьлла.

41«Маржа яӀ, Марта, – элира Ӏийсас, – хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю, 42ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».
Copyright information for CheCAC2012