Luke 10:13-15
Дохкойовлаза йисина гӀаланаш
(Маттай 11:20-24)
13 a«Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 14Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду. 15 bТкъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю».
Copyright information for
CheCAC2012