Luke 10:25-28
Къинхетам болу шамранхо
25 aЮха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?» 26«Товрат тӀехь хӀун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. – Хьо муха кхета цунах?» 27 bВукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“». 28 c«Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Ӏийсас, – иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».
Copyright information for
CheCAC2012