Luke 13:18-21
ХӀух а, морзанах а лаьцна хьекъале дустарш
(Маттай 13:31, 32; Марк 4:30-32)
18Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза? 19Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь». 20Кхин цкъа а хаьттира Ӏийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла? 21Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
Copyright information for
CheCAC2012