‏ Luke 15:3-7

3ТӀаккха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра.

4«Мила ву шух, шайн бӀе уьстагӀ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? 5Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тӀе а биллина, цӀа бахьар бу. 6ДоттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагӀ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагӀ карийна!“ 7Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш».
Copyright information for CheCAC2012