Luke 20:41-44
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Маттай 22:41-46; Марк 12:35-37)
41Юха Ӏийсас хаьттира: «Дала леррина Къобалвинарг Даудан КӀант ву хӀунда олу? 42 aДауда забура тӀехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла:Суна аьтту агӀор охьахаа,
43Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
44Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу Иза?»
Copyright information for
CheCAC2012