‏ Luke 21:20-24

Ярушалайм йохор хиларх лаьцна

(Маттай 24:15-21; Марк 13:14-19)

20«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. 21ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гӀалахь берш цу чуьра арабовла беза, гӀалина арахь берш чу ца богӀуш совца беза, 22 aхӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. 23Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тӀе, Дела оьгӀазгӀур ву кху халкъана. 24Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».
Copyright information for CheCAC2012