Luke 23:21-23
21Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш. 22Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!» 23Амма цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура, Иза жӀарах дӀатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира.
Copyright information for
CheCAC2012