aАрадаккхар 26:31-33.

‏ Luke 23:44-49

Ӏийса кхалхар

(Маттай 27:45-56; Марк 15:33-41; Яхьъя 19:28-30)

44Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира. 45 aМалх лаьцнера. Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира. 46 bӀийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дӀало Ас!» Иза а аьлла, Ӏийса кхелхира.

47Дерриг иза гиначу тӀеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!»

48Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чӀогӀа халахеташ, гӀайгӀанца некха тӀе куьйгаш а детташ, юхабирзира. 49 cАмма Ӏийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тӀаьхьа баьхкина зударий а тӀехь, геннара хьоьжуш лаьттара.
Copyright information for CheCAC2012