‏ Luke 23:7-11

7Ткъа шена Ӏийса ХӀародан куьйга кӀел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХӀародана тӀе хьажийра. 8Ӏийса гича, чӀогӀа самукъаделира ХӀародан, хӀунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Ӏийсах лаьцна дукха хӀуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза. 9Цо Ӏийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира. 10Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Ӏийса бехке веш. 11ХӀарода а, цуьнан тӀемалоша а, бела а бийлина, доггах Ӏийса сийсаз а вина, Цунна тӀе дезачу, лепачу кӀадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дӀахьажийра.
Copyright information for CheCAC2012