Luke 4:31-37
Жино хьийзош волу стаг
(Марк 1:21-28)
31Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо. 32 aМассо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгӀуш Ӏара, хӀунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. 33Гуламан цӀа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира: 34«ХӀей, Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца, Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. 35Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш. 36Массо а наха, чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хӀун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугӀий, стагана чуьра арадовлу. Царна тӀехь олалла до Цо», – бохуш. 37Ӏийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
Copyright information for
CheCAC2012