‏ Luke 8:11-15

11ХӀара маьӀна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду. 12Новкъа йистехь эгна буьртигаш – уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дӀахьо, уьш, цунах теша а тешна, кӀелхьара ца бовлийтархьама. 13Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. 14Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш – уьш дош хезнарш бу, амма юха дӀа а бахана, дахаран гӀайгӀанех, хьолах, дегӀана там лахарх Ӏехабелларш бу. 15Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».
Copyright information for CheCAC2012