‏ Luke 8:16-18

Кхабина буха хӀоттийна стогар

(Марк 4:21-25)

16 a«Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо.

17 bХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.

18 cЦундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду».
Copyright information for CheCAC2012