‏ Luke 9:1-6

Ӏийсас шийтта векал дӀахьажор

(Маттай 10:5-15; Марк 6:7-13)

1Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Ӏийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а. 2Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а. 3«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга. 4«Шаьш дӀакхаьчначу цӀа чохь Ӏе, оцу гӀалара арадовллалц. 5 aНагахь цхьанхьа шаьш тӀе ца эцахь, шайн когаш тӀера чан дӀаегае, гӀалара арадовлуш. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».

6Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
Copyright information for CheCAC2012