Luke 9:18-21
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Маттай 16:13-19; Марк 8:27-29)
18Ӏийсас, Ша висна, доӀа дечу хенахь, Цунна тӀе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла. 19 aЦара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху». 20 b«Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 16:20-28; Марк 8:30–9:1)
21Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна.
Copyright information for
CheCAC2012