Luke 9:37-43
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Маттай 17:14-18; Марк 9:14-27)
37ШолгӀачу дийнахь, уьш лам тӀера чубиссича, Ӏийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба. 38Нахана юккъера цхьана стага чӀогӀа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кӀанте! Иза сан цхьаъ бен вац! 39Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КӀант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дӀа ца долу и жин. 40Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хӀумма а дан ца делира». 41Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кӀант!» 42КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира. 43Массо а Делан боккхачу ницкъах чӀогӀа инзарваьлла вара. Нах Ӏийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара.Ӏийсас юха а шен вала везарх лаьцна дуьйцу
(Маттай 17:22, 23; Марк 9:30-32)
Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира:
Copyright information for
CheCAC2012