‏ Luke 9:46-48

Мурдех лакхарниг мила ву?

(Маттай 18:1-5; Марк 9:33-37)

46 aМурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла. 47Ӏийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дӀа а хӀоттийна, 48 bэлира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».
Copyright information for CheCAC2012