Malachi 1
1ХӀара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу.Везачу Элан Исраилан къоме болу безам
2 a«Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера, 3амма Ӏесав а, цуьнан тӀаьхье а дӀатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангӀалкхашна дӀаделира». 4Нагахь санна Ӏесаван тӀаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахӀоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахӀоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТӀаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгӀазло гуттаренна тӀехь йолу халкъ“эр ду». 5Иза шун бӀаьргашна гур ду, тӀаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»Динан дайшна лерина Везачу Элан хьехам
6«КӀанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догӀу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богӀу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цӀе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цӀе?“ 7СагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина. 8 bКъилахь дац ткъа, сагӀина дахьаш дерг бӀаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагӀина деанарг астагӀа я цамгар кхеттарг хилча? ДӀакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тӀеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. 9«Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тӀеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 10Цул гӀолехь хир дара, сагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀехь эрна цӀе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цӀийнан неӀарш дӀакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац. 11Малх гучуболучуьра малх дӀабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цӀе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, цӀена долу сагӀанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цӀе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 12Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ. 13Цу тӀе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кӀордийна-кх хӀара дерриге а!“– боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагӀа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагӀина деача, резахиларца шун карара уьш тӀеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. – НеӀалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагӀ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагӀ сагӀина бан ша чӀагӀо йина йоллушехь, сагӀина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХӀунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цӀе а ю халкъашна юкъахь кхераме».14
Copyright information for
CheCAC2012