Malachi 1:2-5
Везачу Элан Исраилан къоме болу безам
2 a«Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера, 3амма Ӏесав а, цуьнан тӀаьхье а дӀатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангӀалкхашна дӀаделира». 4Нагахь санна Ӏесаван тӀаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахӀоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахӀоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТӀаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгӀазло гуттаренна тӀехь йолу халкъ“эр ду». 5Иза шун бӀаьргашна гур ду, тӀаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»
Copyright information for
CheCAC2012