‏ Malachi 2

1Цундела, динан дай, шуьга ду хӀара весет. 2«Нагахь санна аша ла ца догӀахь, нагахь санна Сан цӀе лара шу доггаха тӀедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неӀалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХӀинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тӀе ца дерзийна дела. 3Ас шух схьайолучу тӀаьхьенна таӀзар дийр ду. Шун юьхь тӀе кхелли кхуссур ю Ас – шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагӀанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дӀакхуьссур ду. 4 aТӀаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

5 bАс цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дӀабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира – уьш Сан цӀаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира. 6Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара. 7ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.

8Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тӀера дӀадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 9Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьӀаьржа дина дӀахӀиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гӀуллакхаш тӀехь аша озабезамаш лелабо дела а».

Кхечу къомах йолу зуда ялорах а, зуда йитарх а лаьцна

10Цхьа да вац ткъа вайн?
Цхьа да вац ткъа вайн? – я иштта: Вайн массеран да вац ткъа ИбрахӀим?
Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХӀунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш?
11ЯхӀудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хӀума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цӀа сийсаздаьккхина яхӀудхойн халкъо, хийрачу делан йоӀ цо шена ялийна йолу дела. 12Иштта дерг лелош волу милла а Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах дӀахадавойла! Цунах цхьа а ма вуьсийла, массо а ницкъийн Везачу Элана сагӀанаш дахийта!

13Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу. 14Аша-м хаттар до: «ХӀун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. 15Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа
Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа – я иштта: Аша боху: «Шена чохь оьздангаллин са долчу а, вайн дас ИбрахӀима а изза ца дина ткъа?» Иза цо дина, амма ИбрахӀимна лууш дерг хӀун дара? Делан халкъана юкъахь долу бераш шен хилийта лууш вацара ткъа ИбрахӀим?
. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал.
16«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала
«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала – я иштта: Амма аша боху: «„Нагахь санна хьайн зуда хьуна езаш яцахь, цунах дӀакъаста мегар ду“, – боху Исраилан халкъан Везачу Дала».
«И деш волчо ша къизаллех вузаво, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».

Къематде герга ду

Аша Веза Эла шайн дешнашца кӀадвина. «Оха муха кӀадвина Иза?» – олу аша. «Муьлхха а зулам деш верг Везачу Элан бӀаьргашна хьалха дика ву, Цо ишттачаьргахьа озабезам бо», – аларца, аша шаьш кӀордадайтина Цунна. Я иштта аларца: «Мичахь ву нийса кхел еш волу Дела?»17

Copyright information for CheCAC2012