Malachi 3
1 a«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогӀур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. 2 bХьаьнга лалур ду те Иза схьавогӀу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХӀунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цӀе санна а, дерриге а цӀандеш долу саба санна а ву. 3Иза дети лалош а, цӀандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цӀанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагӀанаш цаьрга дахийтархьама. 4ТӀаккха Везачу Элана яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а сагӀанаш тамехь хир ду, ширачу заманан деношкахь санна а, дӀадаханчу шерашкахь санна а. 5«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.Пайхамаро Везачу Элана юха тӀедерза аьлла кхайкхам бар
6«Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тӀаьхьенах дерш, цхьана а агӀор хийца а ца делла! 7Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тӀера дӀадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тӀедерза тхо?“– олий. 8Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХӀун деш къола до оха?“– хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа Суна цадаларца а, Суна догӀу сагӀанаш цадахарца а до. 9Хьуна тӀехь, дерриг а халкъ, неӀалт ду, хӀунда аьлча аша Суна къола до. 10 cСхьадайша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дерриг а чӀоьнашна чу, Сан дезачу цӀа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тӀехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дӀайоьллур яц ткъа шуна стигалан неӀарш, тӀеӀанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш? 11Ас шун дуьхьа доьхкур ду цӀазана лаьттан стоьмаш хӀаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 12Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хӀунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.Шена тешаме болчарна Дала ял ялар
13«Шун дешнаш Суна хьалха кӀоршаме ду, – боху Везачу Эло. – Амма аша хаттар до: „ХӀун аьлла оха Хьуна дуьхьал?“– бохуш. 14Аша элира: „Далла гӀуллакх дар эрна ду. ХӀун пайда бу Цо тӀедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран? 15Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Ӏаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“». 16ТӀаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тӀехь дӀаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цӀе лоручеран а цӀераш. 17«Уьш Сан хир бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхӀар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гӀуллакх деш волчу кӀантах къинхетам баре терра. ТӀаккха юха а гур ю шуна хьаналчунна а, Ӏесачунна а, Далла гӀуллакх деш волчунна а, воцучунна а юкъахь йолу башхалла».18
Copyright information for
CheCAC2012