‏ Mark 11

Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар

(Маттай 21:1-11; Лака 19:28-40; Яхьъя 12:12-19)

1Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Ӏийсас. 2Царна Цо тӀедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гӀо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тӀе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дӀа а ястий, схьаялае. 3Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хӀун ду аша дийриг?“– аьлла, „Элана оьшу хӀара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хӀара“, – ала».

4Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дӀа а яьстира. 5Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хӀун леладо, дӀа стенна йосту аша иза?» – аьлла. 6Ӏийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тӀаккха вукхара дӀахийцира уьш. 7Цара, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедарш тийсира, ткъа Ӏийса цунна тӀе хиира. 8Дукхахболчара шайн тӀехулара бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тӀера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тӀе охьадохкура. 9 aХьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара: «„ХӀашанна!“
ХӀашанна! – арамхойн маттахь «КӀелхьара даха Ахьа тхо хӀинца!» бохург ду.

„Декъала ву Везачу Элана цӀарах вогӀуш Верг!“
10Декъала ю тӀейогӀур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх!
ХӀашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла».

11Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара.

Комарийн диттана сардам боллар

(Маттай 21:18, 19)

12ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера. 13Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара. 14ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!»

Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш.

Делан цӀийнан керт цӀанъяр

(Маттай 21:12-17; Лака 19:45-48; Яхьъя 2:13-22)

15Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо. 16ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо. 17 cӀийсас хьехамаш бора царна:

«Яздина дац: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“?

Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“бина».

18Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. 19Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара.

Дакъаделлачу комарийн диттах лаьцна хьехам

(Маттай 21:20-22)

20Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира. 21ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх».

22Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! 23 dАса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. 24Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тӀаккха аш доьхург лур ду шуна. 25 eШаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама»
Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 26 тӀетоьхна ду: «Нагахь санна аш геч ца дахь, шун Стигаларчу Дас а гечдийр дац шун къиношна».
.

Ӏийсан олалла шеконе диллар

(Маттай 21:23-27; Лака 20:1-8)

26 27Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе. 28Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»

29Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 30Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!»

31ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“– аьлла. 32Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.)

33Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.

ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Copyright information for CheCAC2012