Mark 1:16-20
16Галилай-Ӏомана юххехула чекхволуш, ШамӀа а, цуьнан ваша Ӏандар а гира Ӏийсана. Уьш чӀерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чӀерийлецархой болу дела. 17Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 18Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира. 19Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кӀант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чӀерий лоцу бойнаш тоеш бара. 20Ӏийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тӀаьхьа хӀиттира.
Copyright information for
CheCAC2012