‏ Mark 10

Стага зуда дӀаяхийтарх лаьцна хьехам

(Маттай 19:1-12; Лака 16:18)

1И мохк а битина, ЯхӀуд-махка Йордан тӀехьа дӀаволавелира Ӏийса. Юха а адамийн тобанаш йогӀура Цунна тӀе, ткъа гуттар а санна Ӏийсас царна хьехамаш бора. 2Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» – аьлла.

3Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?»

4 aЦара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».

5Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела. 6 bАмма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.
7 c„Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина,
стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
8ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.

ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела,
9цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»

10ТӀаьхьо, уьш цӀа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Ӏийсага. 11 dТӀаккха Ӏийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву. 12Ткъа зуда, майрачух дӀа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».

Ӏийсас бераш декъалдо

(Маттай 19:13-15; Лака 18:15-17)

13Ӏийсага куьг тӀедиллийтархьама бераш далийра Цунна тӀе, амма мурдаша тӀе ца дуьтура уьш. 14Иза гиначу Ӏийсас, оьгӀаз а вахана, элира цаьрга: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу. 15 eБилггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».

16ТӀаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тӀе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Ӏийсас.

Хьалдолу стаг

(Маттай 19:16-30; Лака 18:18-30)

17Ӏийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тӀеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хӀун дан деза те?»

18Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“хӀунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 19 fДала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хӀилла а ма леладе, дай-наний а лара“?»

20Оцу стага элира Ӏийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогӀуш ву со».

21Ӏийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хӀума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».

22Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тӀехь хийца а велла, гӀайгӀане а воьжна, дехьавелира, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.

23Ӏийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила!»

24Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Ӏийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25Эмкална а механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».

26Ткъа мурдаш, кхин тӀе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТӀаккха кӀелхьара мила ваккхалур ву те?» – бохуш.

27Цаьрга а хьоьжуш, Ӏийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хӀума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела».

28Кипас элира тӀаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо».

29Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цӀа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна 30бӀозза сов лур ду цӀенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тӀейогӀучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду. 31 gАмма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».

Ӏийсас кхозлагӀа а Шен Ӏожаллех а, Ша денлург хиларх а лаьцна дуьйцу

(Маттай 20:17-19; Лака 18:31-34)

32Уьш кхин дӀа а Ярушалайме дӀабахара. Ӏийса хьалхаваьлла вогӀура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тӀаьхьа хӀиттина боьлхура. Ӏийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна: 33«ЛадогӀалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КӀант динан коьрта дайн а, Ӏелам нехан а кара лур ву, тӀаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дӀа а лур ву. 34Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тӀе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».

Якъубан а, Яхьъян а дехар

(Маттай 20:20-28)

35ТӀаккха Зевадин шина кӀанта Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏийсана тӀе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».

36«Ткъа Ас хӀун дан лаьара шуна?» – элира Ӏийсас.

37Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агӀор, важа аьрру агӀор», – аьлла.

38 hАмма Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хӀордах довлалур дуй те шу?»

39Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», – аьлла.

ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хӀордах а чекхдевр ду шу,
40амма Сайн аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаор – иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».

41Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара Якъубана а, Яхьъяна а. 42 iТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тӀехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла. 43 jАмма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла, 44я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла. 45ХӀунда аьлча Адамийн КӀант Шена хьалхара гӀуллакх дайта ца веана, амма Ша гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».

Ӏийсас бӀаьрзе Бар-Тхьамай туовар

(Маттай 20:29-34; Лака 18:35-43)

46Ӏийса мурдашца Ерихоне веанера. ТӀаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гӀалара араволучу хенахь бӀаьрзе волу Тхьамайн кӀант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагӀа доьхуш. 47Назартхо Ӏийса вогӀуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Ӏийса, Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох». 48Дукхахболчара иза чехавора, гӀовгӀа ма е а бохуш, амма и кхин а чӀогӀа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.

49Ӏийсас, саца а сецна, иза Шена тӀекхайкхийтира.

БӀаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тӀевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш.
50Шен тӀехулара бедар дӀа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Ӏийсана тӀе веара иза.

51«Хьуна хӀун оьшу Соьгара?» – хаьттира Ӏийсас.

БӀаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БӀаьрса ган лаьа суна».

52Ӏийсас элира: «ДӀавало, хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».

Цу сохьта бӀаьрса а деана, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина некъахула вахара иза.
Copyright information for CheCAC2012