‏ Mark 13:24-27

Адамийн КӀант схьавар

(Маттай 24:29-31; Лака 21:25-28)

24 a«Амма оцу деношкахь, и баланаш тӀехӀоьттинчул тӀаьхьа, „малх кхулур бу,
батто а серло лур яц,
25 bстигалара седарчий а охьаоьгур ду,
стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“».

26 c«ТӀаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тӀехула вогӀу Адамийн КӀант. 27Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».
Copyright information for CheCAC2012