Mark 13:9-13
9 aАмма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. 10Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза. 11ТӀаккха, шаьш царна хьалха кхеле хӀиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гӀайгӀа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дӀаала. ХӀунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». 12«Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу. 13 bСан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву».
Copyright information for
CheCAC2012