Mark 15:16-20
Ӏийса тӀемалоша хьийзавар
(Маттай 27:27-31; Яхьъя 19:2, 3)
16ТӀемалоша, Ӏийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гӀишло чу а вигна, тӀемалойн ерриге а тоба гулйира. 17ТӀаккха Цунна тӀе цӀен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. 18Цул тӀаьхьа, Ӏийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 19ТӀаккха Цуьнан коьртах Ӏаса а етташ, Цунна тӀе туйнаш деттара цара. Цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, корта беттаран сурт хӀоттадора Цунна хьалха. 20Шаьш Ӏийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Шен хӀуманаш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха жӀарах дӀатоха дӀавигира Ӏийса.
Copyright information for
CheCAC2012