‏ Mark 15:2-5

2Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла.

Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза».

3Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса. 4Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо».

5Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.
Copyright information for CheCAC2012