‏ Mark 4:21-25

Кхабина буха хӀоттийна стогар

(Лака 8:16-18)

21 aКхин дӀа а Ӏийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Ӏункарнехьа хӀоттийначу кхабина я маьнги кӀел хӀотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахӀоттабан бахьа чу? 22 bХӀунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 23Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»

24 cКхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу. 25 dХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду».
Copyright information for CheCAC2012