Mark 6:1-6
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Маттай 13:53-58; Лака 4:16-30)
1Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гӀала веара Ӏийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара. 2Шоьтан де тӀедеача, гуламан цӀа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Ӏийсага ла а дугӀий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хӀун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хӀуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. 3Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. 4 aТкъа Ӏийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 5Цигахь башха тамашийна хӀума ца даделира Ӏийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тӀе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. 6Ӏийса чӀогӀа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх.Ӏийсас шийтта векал дӀахьажор
(Маттай 10:5-15; Лака 9:1-6)
ТӀаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза.
Copyright information for
CheCAC2012