‏ Mark 6:7-13

7Шен шийтта векал тӀе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тӀехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дӀасахьажийра Ӏийсас. 8Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург. 9Кога юьйхина мачаш а, шайна тӀехь йолу цхьа бедар а бен, сов хӀумма а ма хьуо». 10Кхин а тӀетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цӀеношкахь саца, оцу гӀалара арадовллалц. 11 aНагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».

12ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш. 13 bДуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара.
Copyright information for CheCAC2012