Mark 9:33-37
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Маттай 18:1-5; Лака 9:46-48)
33Уьш Къапарнаме баьхкира. Ӏийса цӀа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догӀуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» – аьлла. 34 aАмма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара. 35 bТӀаккха Ӏийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тӀаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш». 36Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дӀа а хӀоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо: 37 c«Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
Copyright information for
CheCAC2012