‏ Mark 9:42-48

42«Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича. 43 aНагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тӀера даккха – заьӀап а волуш, Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цӀергахь а вогуш
Цхьадолу тептарш тӀехь аят 44 тӀетоьхна ду: нӀаьно гуттар а дегӀ а къийзош, цкъа а цӀе дӀа а ца йовш.
.
44 45Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дӀабаккха тӀера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул
Цхьадолу тептарш тӀехь аят 46 тӀетоьхна ду: нӀаьно гуттар а дегӀ а къийзош, цкъа а цӀе дӀа а ца йовш.
.
46 47 dТкъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул, 48 eцу чохь „уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц“.
Copyright information for CheCAC2012