Matthew 10
Шийтта векал харжар
(Марк 3:13-19; Лака 6:12-16)
1Ӏийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дӀалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а. 2Цу шийтта мурдан цӀераш яра: дуьххьарлераниг – ШамӀа, Кипа аьлла цӀе тиллина волу. Цуьнан ваша Ӏандар, Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, 3Пилап, Барталамай, ТӀама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, 4ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьо Ӏийсана ямартло йина волу.Ӏийсас шийтта мурд дӀахьажор
(Марк 6:7-13; Лака 9:1-6)
5Ӏийсас, Шен шийтта мурд дӀахьажош, царна тӀедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гӀаланашна чу ма гӀолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тӀе а ма гӀолаш. 6Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо, 7кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“. 8Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало. 9Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цӀаста а схьа ма эца. 10 aШаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. 11Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц. 12Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта. 13Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. 14 bШаьш тӀе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугӀуш йолчу хӀусамера я гӀалара дӀагӀо, шайн когаш тӀера чан охьа а егош. 15 c dБакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гӀалара хьал Седамеххьий, Ӏамор-гӀалаххьий чул инзаре хир ду».ТӀедогӀуш долчу эккхийна лелорх лаьцна
(Марк 13:9-13; Лака 21:12-17)
16 e«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагӀий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хӀума доцуш а хилалаш. 17 fНахах ларлолаш, цара кхеле дӀалур ду шу, шайн гуламан цӀенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. 18Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. 19Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза. 20Дагахь латтаделаш шайна иза, хӀунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. 21 gВашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу. 22 hСан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву. 23Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».Хьанах кхера веза
24 i«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац. 25 jМурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дӀатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дӀатарлахь. Нагахь санна хӀусаман дена БаӀал-Зебула цӀе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цӀе йоккхур ю. 26 kЦундела царах ма кхера, хӀунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 27Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цӀийнан тхов тӀе а довлий, мохь туххуш дийца. 28Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах. 29Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен. 30Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! 31Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу! 32Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву. 33 lАмма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха».Безам хьаьнга хила беза
(Лака 12:51-53; 14:26, 27)
34«Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана. 35 mСо веана „кӀант дена дуьхьал ваккха,йоӀ – нанна дуьхьал,
нус – марнанна дуьхьал яккха.
36Шен цӀа чохь берш хир бу стагана мостагӀий“.
37Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоӀ я кӀант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. 38 nШен баланийн мохь ▼
▼Баланийн мохь – бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: жӀаран бӀогӀам.
схьа а эцна, Суна тӀаьхьа ца хӀоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. 39 pШен са Ӏалашдан гӀоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дӀаделлачунна иза карор ду. 40 qШу тӀеоьцуш волчо Со а тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. 41Пайхамар пайхамаран дуьхьа тӀеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тӀеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю. 42Царах лахара волчунна а гӀо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».
Copyright information for
CheCAC2012