g ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1-4 (Грекийн).
Matthew 12
СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Марк 2:23-28; Лака 6:1-5)
1 aСадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла. 2И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу». 3 bӀийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша? 4 cЦо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла. 5 dТоврат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а? 6Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву. 7 eДелан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“– бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. 8Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг туовар
(Марк 3:1-6; Лака 6:6-11)
9Цул тӀаьхьа цигара дӀа а ваьлла, церан гуламан цӀа чу вахара Ӏийса. 10Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» 11 fӀийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? 12Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду». 13Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира. 14Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.Хаьржина волу ялхо
15Иза хууш волу Ӏийса цигара дӀавахара. Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. Цо цомгуш мел верг товира. 16ХӀора Ша то мел винчу стагана Ӏийсас тӀедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла. 17Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг: 18 g«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу.Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со.
Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе,
Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!
19ХӀара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац.
Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.
20Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо,
дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц,
Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц.
21Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!»
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Марк 3:20-30; Лака 11:14-23; 12:10)
22ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира. 23 hАдамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КӀант-м вац теша Иза?» 24 iИза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца». 25Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац. 26Нагахь санна жин жино дӀалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла? 27Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шуна тӀаьхьахӀоьттинчара хьенан гӀоьнца лохку уьш дӀа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел. 28Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар. 29Шел ницкъ болуш волчу стеган цӀа чуьра хӀума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дӀавихкина бен? Цул тӀаьхьа бен далур дуй къола? 30 jСоьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасакхуьйсуш ву. 31Цундела боху шуьга: хӀора латийначу къина, динчу Ӏесачу къамелана стаг дохковаьллачул тӀаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. 32 kАдамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а. 33 lШуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХӀора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу. 34 mШу, лаьхьанийн тӀаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тӀехь ма хуьлу. 35Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. 36Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хӀора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. 37ХӀунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю».Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Марк 8:11, 12; Лака 11:29-32)
38 nЦхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!» 39 oАмма Ӏийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тӀаьхье! Тамашийна гӀуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 40 pЮнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. 41 qКъематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. 42 rЦу тӀаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахье ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».Харцжин юхадар
(Лака 11:24-26)
43«Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. 44ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна. 45ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».Ӏийсан нана а, вежарий а
(Марк 3:31-35; Лака 8:19-21)
46Нахаца Ӏийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. 47Цхьаммо Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь». 48Иза аьллачуьнга Ӏийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?» 49Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХӀорш бу Сан нана а, вежарий а! 50Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»
Copyright information for
CheCAC2012