‏ Matthew 13

Ахархочух лаьцна хьекъале дустар

(Лака 8:4-8; Марк 4:1-9)

1Цу дийнахь Ӏийса, цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏоман йисте охьахиира. 2 aЦунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хӀордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира. 3Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна.

Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.
4Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 5Важа буьртигаш, жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара. 6Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. 8Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бӀе, кхузткъа, ткъе уьттазза дӀадийначул сов а луш. 9Лергаш долчунна хӀара хезийла!»

Дустаран маьӀна довзийтар

(Лака 8:9, 10; Марк 4:10-12)

10Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»

11Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. 12 bХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду. 13Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца го дела а, ладугӀуш боллушехь, хӀумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. 14 cЦарна тӀехь Ешаъ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугӀур ду, амма шу цунах кхетар дац,
хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
15Цу нехан дегнаш шагделла,
церан лергаш къорделла,
церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу.
Цара иза ца леладахьара,
церан бӀаьргашна са а гур дара,
церан лергашна хезар а дара,
церан дог кӀеда а хир дара,
уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара,
Аса уьш то а бийр бара!“

16 dТкъа шу декъалдина ду, хӀунда аьлча шун бӀаьргашна го, лергашна хеза. 17Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».

Ахархочух лаьцначу дустаран маьӀнах кхетор

(Марк 4:13-20; Лака 8:11-15)

18«Ткъа хӀинца ладогӀал хӀу дӀадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьӀне. 19Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тӀедогӀу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХӀара ду некъан йисте охьаэгна долчу хӀуьнан маьӀна. 20ТӀулгийн жагӀанна юккъе доьжна долчу хӀуьнан маьӀна, хӀора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тӀеоьцуш волу стаг ву. 21Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу. 22Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. 23Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хӀу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бӀозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дӀадийначул сов хӀу ло».

Асарх лаьцна хьекъале дустар

24Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Ӏийсас ладугӀуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тӀехь дика хӀу дӀадийнера. 25Ткъа иза шен ялхошца вижина Ӏуьллучу хенахь кхуьнан мостагӀа веана. Иза, кӀена юккъе асаран буц а йийна, дӀавахана. 26КӀа, тӀе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла. 27Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хӀу дӀа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кӀена юккъе?“

28Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагӀчо дина-кх иза“.

Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гӀой, схьаяккхий и буц?“

29„ХӀан-хӀа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кӀен кенаш схьадохийла. 30Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».

ХӀух а, морзанах а лаьцна хьекъале дустарш

(Марк 4:30-32; Лака 13:18-21)

31Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дӀадийначу уггар жимачу хӀух тера ду. 32Иза кхечу хӀун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тӀе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш».

33Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Ӏийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».

34И шадерг а Ӏийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна. 35 eЦу тӀехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду,
дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».

Асарх лаьцна дийцинчун маьӀна

36Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».

37Ӏийсас цаьрга элира: «Дика хӀу дӀадийнарг – Иза Адамийн КӀант ву. 38Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хӀу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агӀонгара нах бу. 39И асаран буц дӀайийна волу мостагӀа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тӀаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. 40Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. 41Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна, 42уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. 43Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хӀара дӀахезийла».

ДӀайоьллинчу хазнех а, мехалчу жовхӀарех а лаьцна

44«Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.

45Стигалийн Олалла мехала жовхӀарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду. 46Шена къаьсттина мехала долу жовхӀар карийча, цо ша да мел волу хӀума дӀа а духкий, иза шен дола доккху.

47Кхин а Стигалийн Олалла Ӏам чу чӀерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чӀерий лелха. 48Бой юьзначул тӀаьхьа, чӀерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тӀаьхьа цара, охьа а ховший, дика чӀерий дӀахоржу, ткъа вуьш дӀакхуьссу. 49Иштта хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дӀа а къастийна, 50йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».

51Ӏийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?»

Цара жоп делира: «Кхета».

52ТӀаккха Ӏийсас элира: «Цундела хӀора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Ӏелам стаг цхьана хӀусамдех тера ву, дӀайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цӀена а хӀуманаш дӀалуш волчу».

Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу

(Марк 6:1-6; Лака 4:16-30)

53Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара. 54Ша кхиинчу гӀала а веана, церан гуламан цӀа чохь нах Ӏамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хӀуманаш лело ницкъ? 55Дечиган пхьеран кӀант вац Иза? Цуьнан ненан цӀе Марем яц? Ткъа вежарийн цӀераш Якъуб, Юша, ШамӀа, ЯхӀуд бохуш яц? 56Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?» 57 fОцу нахана Иза къобалван ца лиира.

Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».
58Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кӀезиг долу дела.
Copyright information for CheCAC2012