Matthew 14
Яхьъя-пайхамаран дӀакхалхар
(Марк 6:14-29; Лака 9:7-9)
1Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХӀародана Ӏийсах лаьцна хезна хилла. 2Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ». 3 aИ де тӀекхачале дикка хьалха ХӀарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш дина хилла. 4 bЯхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла. 5ХӀарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хӀуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тӀеэцна хилла дела. 6ХӀарод вина де тӀекхаьчча, ХӀародадан йоӀ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чӀогӀа тайна волчу ХӀарода 7чӀагӀо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла. 8Шен нанас иракарахӀоттийна йолчу йоӀа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна». 9Ша гӀайгӀане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чӀагӀо бахьана долуш, ХӀарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла. 10Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина. 11Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоӀе дӀабелла, ткъа цо иза шен нанна дӀабаьхьна. 12Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дӀадоьллина, ткъа цул тӀаьхьа, баха а бахана, Ӏийсага и дерриг дӀадийцина цара.Пхи эзар стаг вузор
(Марк 6:30-44; Лака 9:10-17; Яхьъя 6:1-14)
13Иза шена хезча, Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дӀавахара, ша висархьама. Амма нахана и хӀума дӀахезча, шайн гӀаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тӀаьхьабахара. 14Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. 15Суьйре тӀееъча, Цуьнан мурдаш тӀебаьхкира. Цара элира: «ХӀара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дӀабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хӀума эцийта». 16Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш дӀабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хӀума». 17Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чӀарий бен яц». 18Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». 19Цо, нах бай тӀе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 20Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тӀаьхьа, мурдаша тӀаьхьайисинчу яа хӀуманах шийтта тускар дуьзира. 21Цигахь яа хӀума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду
(Марк 6:45-52; Яхьъя 6:15-21)
22Цу сохьта Ӏийсас Шен мурдаш, хинкеманна тӀе а ховшийна, Галилай-Ӏоман дехьарачу йисте Шел хьалха дӀабахийтира, ткъа Ша нах дӀахьовсо тӀаьхьасецира. 23Нах дӀа а хьовсийна, Ӏийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доӀа дархьама. Суьйре тӀекхаьчча, Иза цигахь Ша вара. 24Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгӀенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чӀогӀа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела. 25Ӏуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Ӏийса уьш болчу хи тӀехула дӀаволавелира. 26Хи тӀехула Иза вогӀуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гӀаларт ду!» – аьлла. 27«Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 28Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тӀехула Хьайна тӀе ваийтахьара Ахьа!» 29«ТӀевола!» – элира Цо. Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тӀехула Ӏийсана тӀевахара. 30Шена чӀогӀа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КӀелхьарваккхахьа со!» 31Ӏийсас, сихха куьг дӀа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кӀезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хӀунда кхоллаялийтира ахьа?» 32Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дӀасецира. 33Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таӀийна, Ӏийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КӀант ву!» 34Хин кеманна тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, уьш Гансарт-махка кхечира. 35Цигарчу нахана Ӏийса вевзинчул тӀаьхьа, массо а маьӀӀера Кхунна тӀе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла. 36Цара, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Ӏоьттинарг, то а лой, дӀахӀуттура.
Copyright information for
CheCAC2012