a Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 3:17; 12:18; Марк 1:11; Лака 3:22; 2 Кипин 1:17, 18.
f Арадаккхар 30:13; 38:26.
Matthew 17
Ӏийса хийцавалар
(Марк 9:2-13; Лака 9:28-36)
1Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. 2Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра. 3ЦӀеххьана церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 4Кипас Ӏийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хӀоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагӀниг Эли-ЯхӀуний». 5 aЦо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!» 6И аз шайна хезча, мурдаш, чӀогӀа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. 7Ӏийсас, царна тӀе а веана, царах куьг а Ӏоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагӀовтта!» 8Кортош хьалаайича, Ӏийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна. 9Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!» 10 bТӀаккха Ӏийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?» 11Ӏийсас жоп делира: «ХӀаъ, Эли-ЯхӀус, ван а веана, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀоттор ду. 12 cАмма Аса боху шуьга, Эли-ЯхӀу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КӀанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». 13ТӀаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла.Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Марк 9:14-29; Лака 9:37-43)
14Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: 15«Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу. 16Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира». 17Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» 18Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира. 19Ӏийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тӀе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» 20 dЦо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара» ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 21 тӀетоьхна ду: Ткъа хӀара тайпа долу хӀуманаш доӀанций, мархиций дӀадаккхалур ду.
. Ӏийсас юха а шен вала везарх а, денвала везарх а лаьцна дуьйцу
(Марк 9:30-32; Лака 9:43б-45)
21– 22Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант нехан кара дӀалур ву. 23Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чӀогӀа гӀайгӀане ийгира.Делан цӀенна ял ялар
24 fУьш Ӏийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тӀебаьхкира Делан цӀенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цӀенна гӀуллакхна ял ▼▼Делан цӀенна гӀуллакхна ял – шарахь цкъа хӀора стагана шиъ драхма ахча дала дезара Делан цӀенна гӀуллакхна.
лой?» 25Кипас жоп делира: «Ло!» Иза а аьлла, Кипа цӀа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамӀа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?» 26Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делахь хӀета церан бахархой, ял ца луш, кӀелхьарбовлу-кх. 27Амма кхузара Ӏедалехь болу нах оьгӀаз ца бахийта, ваха а гӀой, чӀерий лоцу мӀара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чӀеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тӀера ял дӀало».
Copyright information for
CheCAC2012